Страница 2 из 5 ПерваяПервая 12345 ПоследняяПоследняя
Показано с 11 по 20 из 42

Тема: Бексултанов Муса "Адам бен ма дац со..."

  1. #11
    "Болийначу юхабоьрзу некъ.." (кийсак)

    "...Кхин вахан а, ван а, чувола хIусам а йоцу хIара (цхьа хьоькх-м яра цхьана юртахь, саца тешаме яцара-кх), даим иштта ваьлла лелара, цхьанаметте сецна ца гойтуш (мотт беттарш дукха бара, иссаннах итт а волуш), де буьйсанал гIоле хеташ, сема хиларна, хезаш а.
    Кхуьнан вижар Iуьшца дара, лекха ламанца бехачу Iуьшца. Уьш буьйса яьлча дIабоьлхура, жа хьалха а лохкий. Кхо кхин лам лохура шена, кхин хIусам я кхин хьаша.
    Са дезаш хиллера-кх, да велла дисарг, цу сица нийсса хIара дуьне а, цхьа са бен хIума а доцуш, хьо гондIа хьиэжа ваьлча.
    ТIаккха девзар-кх хьуна дуьне, ерриг а кхуьнан хазалла гуш, хIинцалц хьайна ца гина йолу: цIеран алу хьакхаеллачу суьйранийн мархаш, цIечу к1уьрах йогуш санна, анайистошца цIийлуш хилла.
    Мархийн горга дакъош раьгIнаш санна ма кхозура сенъеллачу стигал кIелахь, дахкаро къеждина гуш ламанийн даккъаш а долуш…
    Сийна серло сийна Iенара, байн хьоькхучу механ шакаро дитташца гIийлла узам а беш, диттийн гIад а меттахъхьовра, дехьа-сехьара дечу узаршца.
    Лаьмнаш дар-кх, алхха лаьмнаш, гIодаюккъелц хьаннаш а йолуш, лекха баххьашца – акхарой а.
    Дуьне – иэс хетар-кх хьуна, Iеламстага жайна санна, зама листа йиш а йолуш, дIадаьлларг дуьхьал а хIуьттуш, тIехиндерг – кхолла а луш.

    Кхолла йиш-м ца хиллера, тIекхаччалц – хIума довза а.

    Къаьхьир лецира.
    Коьртах галий а хьарчийна, муьшаца дихкина ши куьг нуьйран хIоьънах тIаьхьа а тесна, ша кхуьнан юьртах тIехвоккхуш (ламанца леллачу стагана муьлхха а юрт евзар яра): «Во-о, Керим, кхаьрга ца воьйтуш, айхьа вехьа со, сан цIий хьуна хьанал дар-кх, ма вигийтахь со кхаьрга, вехьа со, хьайн да ваха ве со!» – мохь биттина хиллера цо, шех хиндерг хууш санна.

    Иза схьахезча, масийтта де даьллачул тIаьхьа, зудабер санна, вилхир-кх хIара, шега орцанна кхайкхинарг, мостагI а воцуш, ваша хилча санна.
    Хьан ваша вар-кх муьлхха а, Дала кхоьллинчу лаьтта тIехь, хьо бен кхин орца а доцуш, де эшна хьоьга кхойкхушверг.

    «Дай-воший лолда-кх хьан, – бехира кхуо цул тIаьхьа – хьан лолда-кх дай-ваший, – комар санна мерза дуьне, стимал суна къахь а дина, сан бехк а эцна ваха-кх хьо, со бен кхин агIо а боцуш. Ас хьаьнгара ваккха-кх хьо, мила велхуо-кх хьан чIирана… со кхийринарг ди-кх ахь сох, со сел чIогIа кхийринарг, харц йохьо яхье вохуш, со хьайна иштта вевззашехь, ас тайпанца лелийна чIир ма-ярра гуш ма вара хьо: сан мехкан дегаюккъе – Хилдехьа схьа а баьхкина, – мостагIаша вийначу Дерказан Адаман, Дун Iамин ши дакъа, говраш тIе бертал а дихкина, Хилдехьахула чекхдоккхуш, цу мостагIашна цхьа топ кхосса ца хилла волу цхьа къонах ма вара ас тIехвиттинарг сайн тайпанчу нахана… иза ма дара цара хьоьца долчу девна со кIелвитар а: хьаъа вийна а, мухха велла а со велчхьана мегаш, со шайна гуш ца хилчхьана, шайн ма-ттов даха, сан кхардамах кхерам а боцуш, сан юьхьах лечкъар а…со кхийринарг ди-кх ахь сох, цаваьшнарг коча дуьллуш… мотт сецна хилла велар-кх хьо цу дийнахь, соьга ца кхайкха, я кхайкхича, хьан мохь хаза тIекхача со а хилла велар-кх… сан некъаш дихки-кх ахь, «со-ас» баха бакъо а йоцуш, дай-ваший лолда-кх хьан, хьан лолда-кх хьайн мостагI, ваша а хилла ваха-кх хьо, со вешех хьага а вина.......…»

    NAZMA

  2. #12
    "Дахаран хин генара бердаш.." (кийсак)

    .....«Барт хиларал доккха хIума дуьненчохь кхин дац шуна, – олура цо тхоьга, шен вежарий а буьйцуш, – барт болу ши ваша юьрте ца эшавелла шуна, барт хилалаш, – олий, – хьой-сой бохуш, дIаса а ца къесташ; вовшех сискал а ма къестаелаш.
    Массо а хила ма гIерталаш къонах, цхьа а воцуш дуьсур ду шу: шайлахь гIолехьверг къаста а вай, цунах къонах ве, вукхара цунна гIо а деш, тIаккха «хьенехан къоьнгаш» аьлла, цIе яьржар ю шун, хьалхавала воккхах а волуш, цунна тIаьхьахIотта орца а долуш.
    Цхьаъ тоьллий, важа эшний ма хилалаш бахамашца, лекха-лоха къаьсташ, – шайн зударша юкъахь мотт-эладитт дуьллур ду шуна, – шайн бахамаш цхьатерра белаш: доьзалийн барт а хир бу шун, нехан лерам а хир бу шуьца. Вовшашна ул-улохь а дахалаш, нехан бIо булур бац шух тIаккха.
    Да беркъа а волуш, кIант дуьйхина хилча а ца тов шуна, иштта бу шуна вежарий а. Вонна-диканна шаьш дIасадахча, цхьаъ вукхулла къаьсташ ма хилалаш тIеюхучу бедарца, наха дош эр ду шуна – шу вежарий ма ду.
    Цхьанна вуззалц йолчу юучух – шиъ вузур ву шуна, шинна йолчух – пхиъ а вузуш.
    Цхьана тайпана зударий а ма бахкабелаш массара а, масех тайпана бен – гергара нах хир бу шун. Зуда хазаерг бен а ма ялае, доьзал хаза хуьлу шун тIаккха.
    Зудчун беркат – доьзал бу шуна, вешин беркат – хилар а долуш, кхин дика цуьнгара ца хилча а: мел гIийлаверг а чIирана вуьжу».....

    NAZMA

  3. #13
    "Дахаран хин генара бердаш.." (кийсак)

    ....Тхо дукха кегий дара, тхан дас уьш дуьйцучу хенахь – итт-шийтта шераш бен доцуш, дерриг схьа а ца лацалора я кхета а ца кхетара.
    Цул тIаьхьа а – ша мел веха, – я хIинца, тхо къанделча а, хIетахь санна дуьйцу цо тхуна:
    «Вай дийцаза хIума ца дисна, ас шуьга дIаала дезаш, – юкъ-юкъа тхуна реза а воцуш, керл-керла хабар а дуьйцуш, – къонахчун эхь ду-кх, Хьенех, – тхох цхьаннан цIе йоккху, шена дуьхьал лаьттачу, – цо дуьйцург дош дац шена алийтар эхь ду-кх къонахчунна, дийна мел ву дуьненчохь а, велча эхарехь а тIера а дер доцуш…бахамах-м дан хIума дац шуна, къонах а воцуш, гулбина болчу – ваха-м жуьгти веха… цхьана стеган дог а кхаьрдаш, дуьне муха дуур ду къонахчо, дуьсу долу хIара дуьне… ша гуш верг Дела вуй а хууш, кхана-лама цу Далла дуьхьал дахьа шех жоп долуш хила веза-кх къонаха, Дала шена белла хиллачу кхетамах жоп дала.
    Цхьа кега-мерса хIумнаш-м схьалехьо а ца оьшу – ледарчу нехан хIумнаш (ледарчу нехан дукха хуьлу девнаш), аьллерий-бохарий, бохуш долу мотт-эладита – ша мила ву нахана хиъча, Iадда Iен веза къонаха, ша мила ву ца хуучаьрга, хуучаьрга хатта а олуш. Нахе бакълен веза: бакълуьйшверг майра хуьлу. Майралле цхьа хьуьнар а ца кхочу.
    Мелхистарчу Хьуьнаркан БойсагIарна цхьа гIело йина хиллера кхечу тайпанчу цхьана стага. БойсагIара шен хилла мостагIа вахийтина хиллера цига, ша шен дов нисдина волу: «Оцу хьенехе соьца харцо ма йийца алахь, девна Iаьткъаш ву алахь цуьнга со, цIера юкъера хаьштиг санна», – олуш.
    Вукхо иштта дIа а аьллера: «Со оцу БойсагIара цкъа вагийна ву хьуна, Хьенех, БойсагIарца харцо ма йийцахьара ахь. Цо лазор ву-кх хьо», – олуш.
    «Евзара суна шун мелхийн кеп-м – жоп деллера вукхо – дилхах, цIех вина ву-кх массо а, – со а, БойсагIар а», – олуш.
    Юха кхано, БойсагIара шен девна дуьхьал стаг а вийна, зуда а яьккхина, ша кайоьхна хьовзийча: «Дай-ваший лолда-кх хьан, Хьуьнаркан БойсагIар, хьо-м хаьштиг хилла а ца Iаш, сийна саьрмак ма хилла – хилла» – баьхна бохура вукхо.
    Шега дика аьлча, дIа ца кхетарг, Хьуьнаркан БойсагIара санна, кхето веза, дегIаца буьсу муо санна, тIаьхьенна яхка гIело а ца юьтуш: девнан хан хадийна яц, ворхI ден зIе хийцаяллалц.
    Со вита, ала деза стаге – цкъа а, шозза а, уьттаза а, – со хьуна моьттург вац хьуна, Хьенех, аьлла.
    ТIаккха а хьуо ца витича – сацо а веза, ша велла дIаваллалц цунна вицлур воцчу тайпана.
    Стаг вонах вада веза, ма-ваддалу вада, кхин вада меттиг шена ца битича, юхаверзар дIаьвше а долуш.
    Шен коьртан хехо хила веза-кх къонаха, шен коьртан а, дегIан а хехо, ша воллу меттиг берзан гIап ю а моттуьйтуш, барзана ша борз юй ма-хаъара, ша къонах вуйла а хууш, ша-шена ву моьттуш а воцуш, нахана вуйла хууш волу къонаха…
    Дукхачу нахана мегашдерг аш шайна дихкичхьана (бIенна а, эзарна а мегашдерг), цхьана лар тIе девр ду шу, наха йитинчу лар тIе, цу лорах шу дIадахча, чекхдовла там а болуш.
    Нахана майра ма хилалаш – шех нах кхоьру стаг, ша нахах кхоьруш хуьлу шуна.

    Къонахийн шайн-шайн тептарш хуьлу шуна, халкъан иэсехь охьадехкина: Хьенех а, Минех а, Сенех а олуш, шуна вуьйцуш хезна волчу Бахьдаран Муьстарган а, Исмайлан Дудин а, Харачойн Зеламхийн а, кхечеран а санна, кху Iедало лелош йолчу архивех терра. Шайн-шайн тептарш долуш бара шуна суна гина болу дуккха а нах, ТIерийчура Чуоча-хьаьжин Шовхал а волуш, Мусостан Мохьмад а – накъосташна айкх ца волуш, ша йиттина вейтина волу.
    Царах вара шуна эцца ЧIишкахь ваьхна волу Овтахьаьжин Куьйра а, ГIуш-Коьртара Саьмба а, вайн Хилдехьахь хилла волу Ахьматхан Ича а, Бокин Муса а, Дадин Довт а, Ескин Зубайр, ЗIокин Хаза а, Кабин Муса а, кхин а, кхин а болуш.
    Мелхишна юкъехь а хилла шуна дуккха а тептарш долу къонахий:… Дара а, Кушакан Муха а, Видашан Бисолта а, ТоргIа а, – масане бара уьш, Мухин Бацалг а волуш, – массо а вийцина вер а вац-кх… шех тептар дита деза къонахчо ша дIавоьдуш, къонахчун тептар, «Хьенех» аьлла, дуьйцуш долу, валар шен мацца хилахь а – къонахчун Iожалла даим а ю хеназа – цо дуккха а дуьйцура тхуна, шена дуьхьал лаьттачу тхоьга сих-сиха схьа а хьоьжуш, наггахь, чай кхачаделча, жимахчуьнга бIаьца а еш.
    «Зуда лело ялаелаш – олура цо – йита а ца ялаеш, цхьана хIу тIера харжий. Зударех а ма ловзалаш, цхьаъ юьтуш, важа ялош, – стаг беламе воьрзу шуна тIаккха, наха цхьацца бегаш а беш. Хьуний, хьан цIенний тешаме хилчхьана, кхин доккха хIума ца оьшу шуна зудчуьнгара, я цаьргахь хила а ца хуьлу, цхьа наггахь йолчуьнца бен.
    Асар дан яхча – кха тIехь а, хи дан яхча – хьостан кортехь а, – охьахиъ-хиинчохь наб а кхеташ, я чоь а, я аре а ца лелалуш, цхьа миска яра ШаIмин зуда. Шен нанас а, йижарша а и зуда шена тIехтоьхча: «Суна беркат даьлла стаг ю-кх иза: пхи воI вина-кх цо суна», – аьлла хиллера ШаIмас. Дика зуда ца езаш ма ца аьллера цо иза.
    Дала шена динчу диканна хама а бан, цхьа нах юьхьIаьржа а ца хIитто аьллера-кх. Шен дегIан томан дуьхьа нехан юьхь яйъа мегар ма дац къонахчо. Зударий иштта цхьа миска хIумнаш ю шуна, кхин доккха хьекъал а доцуш, къонахчо яхь лело хIумнаш яц-кх: нахала ца ялийта лар а еш, дIачекхъяккха еза зуда, жима бер санна, наггахь бIаьраэшарца хьаста а хьостуш.
    Зуда цхьа хьайба ма ду, ахь Iуналла дан деза хьайба, Далла хьалхахь шех жоп дала хьо воцург кхин да а воцуш.
    Цхьана Котар-юртахочо, вай цIера дахале дуккха а хьалха, мелхинчун йоI ядийна хилла бохура Бумтара.
    ЙоIан да наха лоруш а, къонах ву аьлла, цIе яхна стаг хиллера. Ша динчу цу гIуллакхах вогуш волчу оцу жимачу стага – Котар-юртахочо, – шен юртара Коро волчу а веъна – нахана юкъа маслаIат а лелош, дош лелаш стаг хилла Коро:
    «Деллахь, Коро, иштта хIума даьлла-кх шегара, гIо дехьа шена», – олуш, дехна бохура.
    Шен говр-ворда дIа а йоьжна, вордана хьалхахь цхьа жимха а хаийна: «Хьада, дIавало, айхьа ядийна йоI схьаялае», – аьлла, и йоI а эцна, меллаша ваьлла йоьIан да волчу вахна хиллера тIаккха Коро.
    – Марша вогIийла, Коро, ма дика ду-кх ахь хIара йоI схьаялийна, вайшинна юург кечъян дика хир ю-кх хIара тховса, – олуш, хьешана уьстагI а бийна, ша беана некъ кхин Корос а ца хьахош, ду-дац аьлла, мелхечо а ца олуш, и буьйса дIаяьхьнера цара.
    Iуьйранна юха, хIума а йиъна, жимма са а доьIна, шаьш Iаш: «ДIавало, кIант, и говр-ворда дIайожа вайшинна, – шецарчу накъосте а аьлла, – дIагIо тхо, Хьенех, хIета», – олуш, шен вордана тIе дIаволавелла хиллера Коро, кхин ша хIунда веъна а ца дуьйцуш, я йоьIан цIе а ца йоккхуш.
    – Во-о, Сарха, – аьлла, шен йоIе кхайкхинера боху тIаккха мелхе, – же, хьайн дена йиса хьо, араяьллахь, дIагIолахь хIокху Короца, со нахе вийца воллу хьуна хIара кхана – олуш.
    И бухара мелхе а, тIевахна волу Коро а – ший а къонаха хилла хьуна. Шех терачуьнца бен ца хуьлу хьуна стеган яхь. Къонаха вовза – ша къонаха хила а веза стаг.
    Зуда доьналла долчу нехан ялон еза-кх, бахам болчеран а ца ялош: цкъа делахь, хIу дика хир ду шу, шозлагIа делахь, цхьа вон-дика Iоттаделча, тIедаха бух а хир бу шун»......

    NAZMA

  4. #14
    Ч1ог1а йоккхачу корматаллийца а, къоргерачу чулацамца а, ду Бексултанов Мусан дийцарш. Аса айса а, юх-юха дешна уьш (они обретают особый смысл, когда ты их читаешь в поездках на самолете - на небе). Дала аьтто бойла цуьна.

  5. #15
    Цитата Сообщение от Ca. Посмотреть сообщение
    Ч1ог1а йоккхачу корматаллийца а, къоргерачу чулацамца а, ду Бексултанов Мусан дийцарш. Аса айса а, юх-юха дешна уьш (они обретают особый смысл, когда ты их читаешь в поездках на самолете - на небе). Дала аьтто бойла цуьна.
    Амийн! Дала аьтту а бойла цунна, Дала дукха а вахавойла иза, могуш-маьрша а волуш!
    Уважаю за то, что читаешь Мусу и Апти..))
    Вайн цхьана поэтаца къамелехь, цуо аса нохчийн муьлах яздархой лору хаьттича, аса эли-кх,
    прозехь суна Мусайга кхочуш цхьа а ца хета, аьлла..)
    Иштта ала мегар дац, бах) иштта олуш хилча ч1ог1а ша говза хила веза бах,
    массо говзарш еша а ешна)
    Амма соьга еша-м ца ло кхечара язйинарг х1умма а..
    масех мог1а бешча тоьуш хуьлу-кх, кхин д1а ца еша..

  6. #16
    ЛУЛАХОЙ

    Верриг а къоьжа, тIехь цIена, тишчу бедарца,
    эшначу дегIахь жима воккха стаг.
    Нахаца йолу уьйр-марзо гIелъелла, лер доцуш, тийна.
    Зама цхьалле йирзина хуьлу. Цхьалла даима цхьаъ лела.
    Воккха стаг а ву хIинца цхьаъ.

    Дуьненца кхин хIума ца дозу, дуьне дIа гена даьлла, дIадицлуш, дайна.

    Иза хIора дийнахь, я дедда юкъа малх гIаттале,
    я малхаца шен лулахошна гучу вогIу, ков доьллуш, салам а лой.
    "Эйт, маржа, кIентий-яI, маржа кIентий!" — олу, саца а луш.
    ТIаккха хIоранца а цхьацца дуьйцу,
    шайн вовшашна дагадогIурш, я хилларш, я лелларш,
    юха шайн-шайн ойланаш а.
    — Исраил, хьо ги-кх суна гIенакхоьлах...
    Ахьаран галнаш еш Макка а йоллура... Цхьа хаза цIена
    чоь яра шуьшиннан, йоккха йогуш пеш а йолуш.
    Самаваьлча-м, вилхи со... — олла а лой, соцу,
    бIаьргашна тIе куьг а хьокхуш;
    охьахуу цхьана лохачу гIанта, малхбале дIа а хьоьжуш.
    Вист ца хуьлу. Малх цуьнан бIаьргаш чуьра схьакхета.
    Малх соьцу цуьнан бIаьргашкахь.
    Малх, луьйчуш, тхи къегаш, диттийн генех хьерчабаьлча,
    хин тIадамаш дакъало, бIаьрнегIарийн чоьйх дIауьйш
    я юьхьан хебаршца.


    Юрт йолало, самайолуш.
    Воккха стаг, хьала а гIоттий, кхечунна тIевоьду.
    Цуьнца а дехха цхьаъ дуьйцу, шабаршца, балдаш а хьедеш:
    "Хьуна уллохь бен ваха хуур волуш-м вацар хьуна со, Къедар,
    хьо реза хир-цахир-м ца хаьа... хIара меттиг-м суна чIогIа хала
    елла хьуна, шен-шен ю бохуш...
    Тхаьш лулахой цахиларх-м кхин шек а дац-кхи тхо,
    тхайна накъост хилчхьана, — хьожу,
    букъа тIехьа куьйгаш дохкуш, цхьана метта лаца а луш.
    — Лулахой-м дика бу сан, — олу юха ша-шега, — берриш а дика нах бу:
    Къедар а, Деда а, Ахьмад а, Субар а...
    Маржа, Субар, ма цIена стаг яра хьо,
    ма бехке нус а яра, массо а гIалат хьайн лоруш,
    дика гIиллакхаш — нехан..."


    Юрт дикка самайолу. Юрт гIотту.
    ГIара хеза адамийн, жIаьлийн, даьхнин.
    Берийн маьхьарий а ду, бежарагI арайоккхучу.
    Воккхачу стагана хеза уьш. Геннара хеза, юьрта чуьра схьа.
    Иза юха а жимма лела, цхьанна тIевоьдуш, вукхунна.
    Вол-волу-у-ш, юьстах волу.
    Ковберте схьакхочу.
    Юхавоьрзу, Iодика ян, цкъа тIаьххьара бIаьрг тоха.
    Къора тешаш хилла, мотт боцчу тийналлица зератехь лаьтта чарташ го,
    хIинца адамийн цIерашца баьрзнашна тIетевжина,
    доIанашца охкаделла.
    Ша хиллачул кхин а жимлуш, горглуш,
    лулахошна букъ а берзийна (уьш тIаьхьа хьуьйсуш санна хеташ),
    шен цхьаллица цхьаь дIавоьду,
    цхьалла тIаьхьа IиндагI санна.
    IиндагI тIаьхьа дуьсур ду, хIораннах а цхьа IиндагI,
    цхьа бIарлагIа, цхьа гIаларт, буо санна, цхьа гIийла ойла...


    NAZMA




  7. #17
    "Болийначу юхабоьрзу некъ.." (кийсак)

    Къонахашна, юха а царна.
    Сий хуьлда-кх, къонахий, шун!
    Дош лела дика къонахий, цу
    къонахийн бIаьрг хьаста
    хаза мехкарий а ма эшабойла-кх
    кху Нана-Нохчийчохь.

    Автор.

    ...

    ЦIа даьхкина дейтта шо дузуш, балха юха цига, Казахстане дIаоьхучу нахаца, къахьоьгуш биъ бутт а баьккхина,
    чамди чохь Зазин даьIахкаш а йохьуш веара хIара цIа, деши дохьуш санна,
    хIора а даьIахк кIайчу кисица дIа а хьарчийна.

    Каш даста ша волавелча, уьттазза, бIозза бел охьа а кхуссуш, юьстах вийлира хIара,
    цу коше ца хьажалуш, ша ма-ярра, ма-хиллара Заза дуьхьал хIуьттуш: «ХIун гур техь-кх, муха?»,
    – Зазин дегIах эхь хеташ, иштта сел Iора-чIана даьллачу цу сибатах са а уьдуш,
    коша йистте охьахуьйшуш, ойла соьцуш, ка юхуш.
    Юха, цул тIаьхьа, эххар а, коьртан даьIахк гучуяьлча, Зазин мас а, кIора бIаьрг санна Iаьржа хилла йолу,
    цхьа макхъелла, лаьттаца ийна, ша къаьсттина Iуьллуш гича – са дедир-кх, бIаьрса а довш, са акха,
    пана дIахьедир-кх, хIара дуьне Iаддолла йолу дуьненан гIайгIа а хилла: «Ва-а кеста яла-кх хьо, хьо яла кеста,
    ма кхоам бар-кх хьан иштта, кху хийрачу махкахь яла, мацалла яла, сел цхьалха… хьанна-мила ю а ца хууш, мила хилла а,
    муха хилла а… дийнна дуьне ма дара хьо, цхьа дуьне, цхьа дахар, кху лаьттахь кхин хир доцу сел декъаза, ирсе зовкх!»

    – иштта цуьнца, Заза хиллачуьнца, Зазица цхьа дагарадуьйцуш, кхайкха хазе теш а, айкх а воцуш, дог иэхьера цхьалха дуьйлуш,
    даьIахках куьг хьакхаделча, куьйган пIелгаш цIарах догуш, масех бIе дакъа хуьлуш ястаелла хилла дегIан чарх, цхьацца оьцуш,
    цхьацца йоккхуш, юха цхьацца уьш дIахьарчийна, каш къевлина, барз нисбина, тIерачу Далла, кху махкана – Делан пурбанца –
    хастам бина, тIаьххьара цIа вирзи-кх хIара, бакъ долчу цIа боьду некъ кхузара дIа цига буй а хууш, ша дуьххьара болийна некъ
    (шен ненан кучан юх а лаьцна, ког боккхуш, волалуш), болийнначу юхаберзош...

    ..Заза лам чохь йоьллира дIа, шаьш даьхначу юьртахь, шен дена – Алдаман – коша юххе каш а даьккхина, Зазех шайн цIийнан стаг а еш.

    Тайбат миска жимма йоьхна яра:
    «Со а йоллалахь, Керим, дIа, со а иштта дIайоллалахь, иза йоьллинчу кешнашка» – элира цкъа, саца а елла,
    къаьрззина кхуьнан бIаьра а хьожуш. Юха, йист ца хуьлуш, цхьа сахьт гергга зама яьлча: «КъинтIераваьллахь суна…
    зуда ма юй со, шайтIанехьара ду-кх дерриг а, – бIаьрга чу нана пIелган гуола хьокхуш, тIуналла якъа а йина,
    цуьнан яларх хьагий-кх ахь со», – йистхилира, цIе кхобуш санна, Зазин цIе а ца йоккхуш.

  8. #18
    Дела реза хилла хьуна Додам!Мне очень нравится произведения Бексултанова,а здесь есть которые я еще не читала.Бексултанов писатель с большой буквы и мне очень отрадно,что такой человек в наше время и среди нас живет.Впервые я его читала на "Тептаре" ныне "Векал",особенно нравятся"Буо"и"1аламат",только читать надо на чеченском обязательно,как и Айдамирова!

  9. #19
    ишта "Тишъелла кетар" язъина Мусас ч1овг1а к1оргера чулацам болуш.
    Цхьа щи бутт хан йолуш, цхьан неха тезетахь гира суна Муса, гина хаза хитира.

  10. #20
    Dodam, знакомое фото- Зумсой?в чем не сомневаюсь,старый много повидал на своем веку.
    язык мой враг мой

Страница 2 из 5 ПерваяПервая 12345 ПоследняяПоследняя

Информация о теме

Пользователи, просматривающие эту тему

Эту тему просматривают: 1 (пользователей: 0 , гостей: 1)

Ваши права

  • Вы не можете создавать новые темы
  • Вы не можете отвечать в темах
  • Вы не можете прикреплять вложения
  • Вы не можете редактировать свои сообщения
  •